Шрифт:
5
ГIудалкх ши бIе гIулч гepгa кхаьчча, бIаьргашна тIелаьцначуьра турмал дIа а йаьккхина, Абубакаре вистхилира Аюб:
– Хьо кхузахь саца. Со царна дуьхьалволу. Ший а топ хьайгахь йита, ткъа хьайн тапча coьгa схьало. Ас гIудалкх сацийча, уьш дуьхьало йан гIортахь, салташна а ца кхоьтуьйтуш, гIудалкхах тоха. Говраш лаьхкина дIабовда гIортахь, цхьана говран настарх тоха. Нагахь уьш герзаца дуьхьало йан гIортахь, лен волчу а ца тухуш, салташна чевнаш йан мегар ду. Амма гIуллакх иштта гена дер дац, моьтту суна.
Аюб, тарха тIера чу а воьссина, цхьа ах бIе гIулч хьала а вахана, некъа йистерчу лекхачу, стоммачу попан гIодана тIехьа дIалечкъира. ГIудалкх улло нисйелча, цунна хьалха а иккхина, говрийн архаш схьалецира цо:
– Тр-р-р! Стой! Оружи земли бросай! Руки верх!
ГIудалкха тIерачу унтеро буьрса мохь туьйхира:
– Мила ву хьо? ДIавала новкъара!
– Астарожна, гаспадин унтер. Ми – абреки!
– Говраш дIалахка! – омра дира унтера.
Торха тIера схьа тоьпан тата делира. Цхьа говр, гIийла терсина, гора а йахана, дIахаьрцира. ШолгIа йаьллачу тоьпо гIудалкхан пенан аннах кескаш тасийтира.
Аюба Соьлжа-ГIаларчу ишколехь шина шарахь дешнера. Шозза набахтехь а, каторгехь а хиллера. Цигахь оьрсийн мотт, йоза-дешар Iеминера цунна. Оьрсийн мотт шена дика хаахь а, забарна санна, мухха а буьйцура цо.
– Астарожна, гаспадин унтер. Йа Аюб Тамаев. Адутант абрека Зеламхана. Кургом абреки. Вы окружен. Будешь кирчать, ружье стрелят, всех убъем. Ружье борсай земли. Харашо. Руки верх! Один-один слезай. Маладци. Ми вас убиват не будем. Зачем убиват? Зачем умират? У вас дома папаши ест, мамаши ест, матушки и баранчуки ест. Унтер бедний, солдат бедний. Зачем вам умират? Ми бедних не убиваем, солдат не убиваем. Ми начальники, опицери убиваем. Ай, маладци!
Унтеро а, веа салтичо а тоьпаш лаьтта йуьстахкхийсира. ГIудалкха тIе а вахана, цу чу хьаьжира Аюб.
– Это што такой? Почему бедний чечен лежит? Кто он такой?
Унтер воьхна хьаьвзира:
– Арестант ву иза, Соьлжа-ГIала вуьгуш…
– Развязат бистро! – омра дира Аюба.
Цхьана салтичо, куьйгаш а дегош, машшаш хедийна, маршаваьккхира Соип.
– Салтийн тоьпаш схьа а лахьайай, йуьстахвала, – элира цуьнга Аюба.
– Маладец, салдат! Деньги есть? – унтерна тIевирзира Аюб.
– Дац. Тхоьгахь мичара хуьлу ахча…
– Харашо. А тепер, солдат, свяжи руки всем. Крепко. Харашо. Гасподин унтер, что в твоем сумка?
– Арестантан документаш…
– Сумка мне отдай. Он не арестант. Свабодни чечен. Его документы тепер никому ни нада.
ТIоьрмиг шега дIа а эцна, чуьра схьадаьхна кехаташ деша вуьйлира Аюб.
– Так, так. Болатов Соип… Двадцать семь лет… Рост выше среднего… Лицо смуглое… Глаза черные… Нос горбатый… Волосы черные… Опасный преступник… Харашо, унтер. Опасный преступник ми забираем.
– Господин адъютант! – дехаре мохь белира унтеран. – Ас жоп дала ма деза арестантах…
– Э, унтер, ты не отвечает за арестанта. Теперь отвечает ми, абреки. Скажеш начальникам, абреки сделали засада. Они бистро напали. Они били много. Двадцат, тридцат. А солдат мала, пят. Все связали, арестант забрали и ушли в гора.
– Оцу хабарх цхьа а тешар ма вац, господин адъютант…
– Я тебе документ дам. Хороший документ, – кисанара блокнот, къолам схьа а даьккхина, доцца кехат йаздира Аюба. – Паслушай дакумент: «Гасподин палконик Дабраволски! Ты не полконак, ты с..а и б..д. Ты как баба сидиш крепости, боис абреков, война делаеш женшинам, старикам и детям. Ты свинья, пр…ка. Ми найдом тебе, зарежим как свинья. Здесь ми были много, солдат мала. Ми связал бедних солдат, забрал арестанта. Это сделал я, Аюб Тамаев. Адутант Зеламхана». Пайдет такой документ?
– Мегар ду, господин адъютант… Дика документ ду… Баркалла хьуна…
Аюб салташна тIевирзира:
– Как думает солдат?
– Iаламат дика йаздина ахь, господин адъютант!
ГIуллакх кхиамца чекхдаьллий хиъна, Абубакар тIевеара царна.
– Дасудани, господин унтер! Дасудани, гаспада солдат! – аьлла, церан Iодика а йина, цаьргара схьадаьхна герзаш белшех а тийсина, лома хьалабоьдучу гIашлойн новкъахула къайлавелира уьш кхоъ.
Царна тIаьхьа а хьаьжна, цхьана салтичо, паргIатваьлла, доккха садаьккхира:
– Дала тIе ма доуьйтийла вайна вовшийн кхин гар!
– Уьш-м шиъ бен ма ца хилла. Вай хьалхе кхераделлера…
– И хьайн муцIар сацае, Iовдал вир! – човхийра иза унтера. – Хьуьна чохь церан накъостий мел бара, хаьий хьуна? Оцу шина обарго хьо ца вуьйш, дийна витарх воккхавеш, Далла хастам бан беза ахь хьайн оьмарехь. Оцу шина обаргана а цхьаьна!
Дика хьаьвсича, шайна вовшийн куьйгаш дIадасталур дара салташка. Амма уьш даьстина карийча, бехке хир бара. Шина обарго шайн когаш цабехкарна а чам бацара царна. ТIаккха уггар а бехказа хир бара уьш. Делахь а, xIapa а тоьур ду. Шаьш дIадаста некъахой тIекхачаре хьуьйсуш, дIатийра пхи салти.