Шрифт:
Ахьмад йуха а, голаш тIе йуьхьар а вахана, суьлхьанаш даха вуьйлира.
6
Ши-кхо де хьалха Iусманца дехха къамел хиллачул тIаьхьа, шайн шина доьзална йуккъе хIоьттинчу хьолан кIорггера ойланаш йан вуьйлира Iела. Iусмана, цхьана мaьIIepa дуьйна схьа, ма-дарра дийцира цунна шен нана маре йахар муха нисделира. ХIинца Айзехь а, Ахьмадехь а болу бала а, шен воьхна хьийзар а. Айза маре йахарна хIетахь резахиларна хIинца ша бехке хетара кIантана.
– Делахьа, Iусман, шу оццул доьхна хьийза, ма доккха хIума дац вайна тIедеанарг, – элира Iелас, кIанте леррина ла а доьгIна. – Цунах шайна бала хIунда бо аш?
– Ахь и шиъ ден деза бохуш, хабарш дуьйцу наха…
Iела гIадвахана велавелира, тахана дуьххьара.
– ХIунда? Мича бахьанина? Со дийна вуйла а хууш, нах безна, хьуна а, суна а эхь дина, и хьан нана маре йаханехь-м, нохчийн Iадатехь мостагIалла хьедан, цхьа бекхам эца безара ас. Вуьшта аьлча, иза тIедужура суна. ХIусамда веллачул тIаьxьa ларйан йеза бусалба дино тоьхна хан чекхъйаьлча, маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа хьан нана, массара а со велларг а лерина, вицвинчул тIаьхьа а ткъа шарахь Iийна маре ца йоьдуш. Ахь дийцарехь, ша йаллалц Iийна а хир йара, къанвеллачу, цамгаро кIелвитинчу шен къеначу ден дехар йухатоха бакъо а хиллехь, кIелхIотта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел висинчу хьан ойла а ца йинехь. Ткъа Ахьмада а йигна, иза шега йеача. Бусалба динехь, нохчийн Iадатехь цаьршиннан хIун бехк бу? Делан кхел йу лелларг. Майра велча, кегий бераш дIа а тийсина, маре бахана зударий дукха гина суна. Хьайниг дуьххьара а, тIаьххьара а ца йахана. Бакъду, «веллачул» тIаьхьа «денвелла», со цIа варо жиммa чолхедаьккхина хIара гIуллакх. Делахь а, вай доьхна хьийза оьшуш хIумма а дац. Вайгахь доьналла хилчахьана, дерриг а дика дIанислур ду.
КIантаца хиллачу къамелана тIера йаьлла Iелин ойла, хьаьвззина, ткъе пхи шо йуханехьа Сибарен каторге йахара. Шеца лаьцна валийна масех нохчо – хьалхарчу кхаа шарахь, тIаьххьара висина цхьаъ шийтта шо даьлча а велла, цхьа висча, лагерехь волчу цхьана узбекаца уьйр тесира Iелас. Бусалба хиларал совнаха, кIорггера бусалба динан Iилма хууш стаг хиларо цуьнга безам бахийтира Iелин. ХIора буьйсанна а, мукъачу деношкахь а Iелина бусалба динан Iилма хьоьхура Сулеймана. Масех шо далале гIеххьачул узбекийн, Iаьрбийн меттанаш а Iемира Iелина. ШариIат Iамош, маре дар а, зуда а, майра а дIасакъастар а йукъадаьлча, оцу тIехь дуккха а хеттарш дан вуьйлира Iела. Маренаш тIехь Шемала шариIат талхош меттигаш лелийна бохуш а, хезнера цунна. Маре йаха хан кхаьчна йоI а, къона жерой а церан шайн бертаза, нуьцкъах маре бохуьйтуш. Зуда а, бераш а долчу нахе а. Зудчунна йаха а, стагана йига а ца лаахь а. Боьрша нах тIамехь бойуш, уьш кIезиг бара, ткъа зударий алсам бара, цундела боьршачу стеган цIахь зуда а, бераш а делахь а, шолгIаниг йигар нуьцкъах тIедожадора. Шемала лелочух-м кхетара Iела. TIaмo хIаллакден адам, къаьсттана божабераш, дебо Iалашо йолуш дора цо иза. TIe, марехь а боцуш, IаьIна къона зударий хьарам новкъа ца бовлийта, церан сий, оьздангалла ларйан а дора. Шена ца везачу стаге йа зудчунна а, берашна а тIе маре йаха ца лаьа зуда а, шена ца йеза зуда, йа зудчунна а, берашна а тIе зуда йига ца лаьа боьрша стаг а зиндан чу кхуссура, уьш реза хиллалц ара а ца бохуш. Оцу зиндан чохь йоккхучу xIopa буьйсанна тIера цаьргара цхьацца эппаз гIуда а доккхура.
– ШариIат талхош хиллехь а, Iаламат хьекъале стаг хилла и шун Шемал, – элира Сулеймана, Iеле ла а доьгIна. – Зуда йало хан кхаьчначу боьршачу стагана, шега йогIуш йелахь, зуда йалор а, ткъа йоIана маре йахар а тIедожадо шариIато. Зуда ца йалош а, маре ца йоьдуш а Iep доккха къа лору бусалба динехь. Цкъа-делахь, адамийн хIу таса Дала дуьнен чу даьккхина ду и шиъ, шолгIа-делахь, шариIатехь гайтинчу некъашца марехь йоцу зуда а, зуда йоцу боьрша стаг а зинан новкъа бовла тарло. Иза ца хилийта, цунах адамаш лардан, бусалба дино тIедожийна зуда йало хан йолчу боьршачу стага зуда йалор а, маре йаха хан хилла йоI, къона зударий маре бахар а. Амма ца йеза зуда боьршачу стаге нуьцкъах йигийтар а, ца везачу стаге нуьцкъах зуда маре йахийтар а дихкина. И шиъ ший а реза хила деза шайн маренна. Оцу тIехь шун Шемала шариIат талхийна.
Сулеймана дийцинчун ойла а йина, цхьа масех де даьлча, йуха а оцу хаттаршна тIевирзира Iела:
– Сан къона зуда йисина цIахь жимачу шина кIантаца. Тхан къоман Iадатехь, со цIа верзаре ладоьгIуш, маре ца йоьдуш Iен йеза иза. Суна тоьхна итт шо хан тоххара чекхйаьлла. Сан зудчунна а, гергарчарна а сох хилларг ца хаьа. Со велла бохуш, дог диллина Iаш хир бу уьш. Со даймахка, доьзална тIе йухавоьрзург хиларх ас а дог дуьллу цкъацкъа. TIe, Iожалла а ма йу когаш кIел. Сан зудчо, маре ца йоьдуш, соьга ладегIар, йа сох догдиллинехь а, маре ца йоьдуш, ша йаллалц Iep а муха хир ду? Маре йаха бакъо йуй цуьнан?
– Майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а итт де а даьлча, маре йаха маьрша хуьлу зуда.
– Со дийна ма ву ткъа?
– Майра цхьанхьа дийна велахь а. Майрачо ша тIаме, генна меха воьдуш, йа вайша санна, лаьцна вуьгуш, цIахь йуьсучу зудчунна ша цIа верззалц йолчу ханна рицкъа а, тIедуха а, когадуха а, кхин оьшург а дита деза. Нагахь санна зудчунна оьшург а ца дуьтуш иза ваханехь, шариIатах дага а йаьлла, цуьнга кхел а йайтина, биъ бутт итт де а даьлча, маре йаха бакъо йу зудчун.
– Цунна маре йаха ца лаахь? Тхойшиннан ши кIант ма ву?
– Маре йахар, цайахар цуьнан шен лаам бу, ткъа хьан декхар шена луург дан цунна маршо йалар ду.
– Ас муха ло цунна маршо, и дIакхето кхузара дIавоьдуш стаг а, дIадоьдуш кехат а ца хилча? Ас йитина а йоцуш, иза маре гIахь, хIун дан деза?
– Нагахь санна Далла хьалха хьо цIена хила хьуна лаахь, Дела теш а лаций, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тасий, йита. ТIаккха Далла хьалха а, хьайн зудчунна хьалха а бехказа хуьлу хьо.
– Ас йитина а йоцуш, и сан зуда маре йаханехь, сан цIа верзар а хилахь, тIаккха хIун хир ду?
– Нагахь санна хьан зудчунна хьоьга йухайан а лаахь, хьуна иза йухайало а лаахь, хьан зуда йигначо иза йита йеза, ткъа ахь, айхьа дуьххьара йалош санна, шариIатехь мах а бина, йуха а хьайн цIар тIе йоккхур йу. Нагахь санна хьуна иза йухайало а, цунна йухайан а ца лаахь, йигначуьнгахь йуьсур йу. Иза а, важа а шушиннан йа шиннах цхьаьннан лааме хьаьжжина хир ду.
И къамел хиллачул тIаьхьа, Сулейман а, кхин цхьа гIезало а тешаш а хIиттийна, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тосуш, Айза йитина, шен цIар тIера маршайаьккхира Iелас. ХIетахь, ша иза деш, цунна ца моьттура ша дийна цIа воьрзур ву а, цIа вирзича, Айза маре йахана карор йу а…